Хьийзина месаш йолу пеликан
Перейти к навигации
Перейти к поиску
![](https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/3/37/ComputerHotline_-_Pelecanus_crispus_%28by%29_%281%29.jpg/300px-ComputerHotline_-_Pelecanus_crispus_%28by%29_%281%29.jpg)
Хьийзина месаш йолу пеликан — ( Pelecanus crispus ). Хьийзина месаш йолчу пеликанах оьрсаша "Кудрявый пеликан" олу. Вукху цIиэ бос болчу пеликаначул хийцамаш дукха бац цуьнан. Месаш кIай ю, сиро бос а болуш. ТIемаш мокха ду, жимма сиро бос а бетталуш. ГIортанна тIиэхьара месаш еха а, хьийзина а ю. ДIай-схьай даржичи тIемаш шина метре кхочу. Вукху цIиэ бос болчу пеликанан санна ду цуьнан дахар. Иза хуьлчу меттигашкахь хуьлуш а ю.
![](https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/2/2d/Pelecanus_crispus01.jpg/300px-Pelecanus_crispus01.jpg)
![](https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/d/d3/Pelecanus_crispus_MHNT.ZOO.2010.11.44.4.jpg/300px-Pelecanus_crispus_MHNT.ZOO.2010.11.44.4.jpg)