Хьоза
Перейти к навигации
Перейти к поиску

Хьоза — Ингалсан а оьрсийн маттаь олу (en. Sparrow), (ru. Воробей). Хьозий тайпа олхазарш вайн махкахь 3I2 беса а, кепа а ду. Церан тайпанаш 96 ду. Кхоъ хьалха, цхьаъ тӀиэхьа биъ пӀелг хуьлу оцу тайпанех долу олхазарийн. ХӀоьаш кхин долчу олхазарийн кепара ду. ТӀедарчий долуш а, доцуш а. КӀайн а кхоьчу басахь а. Церан дахар тайп-тайпанарчу хьелашкахь, мехкашкахь, меттигашкахь ду, адамаш дехачу ярташкахь, гӀаланашкахь, лаьмнашкахь, хьаннашкахь хин-бердан йистошкахь, Ӏаннашкахь, тогӀешкахь, цанашкахь, ялтийн, бецан аренашкахь. Ялташна зуламе садолу хӀумнаш цара хӀаллакьярна, пайдехь лерина уьш. Аса хӀинца дуьйцар ду вайн кхузахь Къилбаседа Кавказехь долчех лаьцна.