ЦӀик-цӀик хьоза
Перейти к навигации
Перейти к поиску

ЦӀик-цӀик хьоза — (en. Sedge Warbler), (Оьрсаша «Камышовка барсучок» олу). Генарчу малхбалехь Хьасан Ӏоман берда йистошца ду ЦӀик-цӀик хьоза. Кхин иза хуьлуш меттиг йац билгалъяьлла Ша1ми-Юьртана къилбаседехьа Ӏаьсан тогӀий йоцург. Оцу Ӏаьсан тогӀи чохь Ӏаьржачу толлан кондаршна тӀехь декаш хуьлура и тайпа хьозий. Дакъаделлачу синтарна тӀе а хоий декара иза иштта. «ЦӀик-цӀик-цӀик-цӀир-р-р-р!» олий. Дуткъа дегӀ а долуш, мокха хьоза ду иза. Баннаш толлан кондаршна юккъехь, бацалахь до цара. ХӀоьаш кӀайн хуьлу ал тӀедарчий а долуш 4-5. ХӀоьаш апрель-май баттахь до. Чуьркаш а, мозий а кхин йолу садолу хӀумнаш йоу цара. Ӏаьсан тогӀийна лаххьа Шалажца йолчу ДалинтогӀи чохь а, Бекшан тогӀи чохь а хуьлуш ду и тайпа хьозий.