Заглавная страница:БайтӀакусказ

Материал из Тептар — свободной энциклопедии
Перейти к навигации Перейти к поиску
БайтӀакусказ

БайтӀакусказ— (я Акха котам) (Tetrao mlokosiewiczi, Lyrurus mlokosiewiczi). Оьрсаша, «Тетерев» олу цунах. Бос кхокханчух тера бу. ЦӀога шина агӀор дӀа-схьа хьаьвзина ду. Котам хьаьрса бос болуш ю пурхалхьа Ӏаьржа сизаш а долуш. Лаьмнашкахь хуьлаш ю уьш. Ӏаф хьуьн чу охьайогӀу. Цхьана меттахь ду церан дахар. ДӀай-схьай кхелхаш меттигаш а йо цара, Ӏаламан хьелашка хьаьжжина. КӀезиг ю уьш. Цундела наггахь бен гуш яц. Баннаш къайлехь до цара, диттийн кондаршлахь, тӀулган чхара кӀел йисначу херонехь. Тойна май баттахь доккху. ХӀоьаш 5-8 до, мокха тӀедарчий а долуш. Бецаш, дечагийн чӀенгаш, бецан хӀуш доу цара. Лечкъий хуьлу байтӀакусказ. Бацалахь къайлайолий, адамана ца тосалуш, когаш кӀелхьара, цӀеххьана хьалаэккха иза. Аьхка цхьацца йолий хуьлу уьш. Ӏай цхьанакхетий гӀеранаш йо. котамаш, нӀаьнеш шаьш-шаьш къаьстий лела. Ӏаьнан заманчохь акха стоьмаш лоу цара. Уьш кӀезиг йолу дела, царна таллар дихкина ду.

Хьажа. кхин[править | править код]

Билгалдахарш[править | править код]

Хьажорагаш[править | править код]