Заглавная страница:Крайстчёрчехь бусалбанаш байар емалдо дуьнено

Материал из Тептар — свободной энциклопедии
Перейти к навигации Перейти к поиску

Керла Зеландин къилбе, Крайстчёрч гIалара ши маьждиг. Автоматаш йиттина рузбане баьхкинчарна, вийна 49 стаг. И хаам бу тахана коьрта массо а дуьненан прессина а, Лаьттан дукхахболчу бахархошна а.

Зулам Мехкан полицин коьртачу буьйранчас Буш Майка BBC телехьожийлехула бахарехь, цхьана маьждигехь 42 стаг вийна, шолгIачу маьждигехь – 7. Иттаннаш бу лоьрийн тергонехь.

Иштта ду дийна делкъехь маьждигашна чулилхинчу герзахоша динчу зуламан жамI.

Цул совнаха, бомбанаш карийна ламазаш дан баьхкинчара маьждигашна гергахь дIахIиттийначу машенашца. Лелха кечдина и герзаш Iорадаьхна полицино.

Мел зIе ю Керлачу Зеландехь, полици бахьанехь данза даьллачу зуламца цъкачунна хууш дац – Крайстчёрчна 1000 чаккхарма гена йолчу Окленд-гIалин коьртачу цIерпоштийн, автобусийн социйлехь а карийна эккха кечйина хилла бомба.

ТIелеттачех цхьа стаг шаьш лаьцна, иза кхеле валор ву, дIахьедина пачхьалкхан дайша. Цара дийцарехь, герзаш а дохуш лаьцна, зуьйш ву кхин а кхо стаг.

Хилларг терроран тохар лору Керлачу Зеландино. Барам а боцуш йоккха къизалла ю зуламхоша гайтинарг, хIоттийнарг "пачхьакхан исторехь тIехIуьттуш хиллачу уггаре Iаьржачу денойх цхьа де ду", аьлла премьер-министро Ардерн Джасинда.

ТIелеттачех цхьаъ австралихо ву. Шайн махкара тIебаьхкина нах сийсазбеш, 74-агIонах йолу манифест яржийна цо нах байале хьалха. Цкъачунна болчу талламца, цуьнан цIе ю Таррант Брентон. Цо яьккхина боху маьждигашкахь адамаш дойуш гойтуш интернетехула яржийна видео. Ша бусалбанаш байа ир-кара хIоттийнарш бу 2015-чу шарахь Iамеркарчу Къилба Каролинехь килсна тIелетта Руф Дилан а, 2011-чу шарахь Норвегехь дуккха нах байина волу Брейвик Андерш а, аьлла Тарранта. Цо аьлла, Брейвикца виллина контактехь вара ша. Иза а, я кхиболу лецнарш а бац къайлахчу сервисаша хIиттийначу террорхой хила тарлучу нехан тептаршкахь.

Кадамаш Дуьненна а бевзачу политикийн, юкъархой тидамехь ю тахана Керла Зеланди. Вуно боккха лазам шайна хиллийла хоуьйту бусалбанийн дуьнено.

" Тахана чIогIа оьшу вайна цхьабарт болуш гамонна, адамаш декъарна, бIаьрзечу кхетамна дуьхьалдовлар", аьлла Австралерчу бусалбанийн Ахьмадийа-декъан хьалханчаша.

Iамеркарчу "Бусалба адвокаташ" тобано дIахьедина, "вайн инзардаьхна. Тахана бусалбанашна иккхина ца Iа бохам, иккхина муьлххачу а динахь волучунна, дикане сатуьйчусунна", аьлла. Юкъаралло кхойкху бусалбанашка рузба дечу хенахь зуламах къаьсттина ларлуш хилар.

" Ислам цадезачаьргара тIаьххьарчу заманахь дийлинчу зуламийн могIарахь иза уггаре дуккха бусалбанаш байина зулам ду. ХIунда аьлча, рузбане баха дагахь а болуш, дийна бисина бусалбанаш шек бу шаьш пIераскан Iамал ян маьрша ду, шайн маьждигашна кхерам бац бохучух. Уьш шекбоху лекъашйоцчу исламофобиной, бусалбанашна дуьхьал леладечу мостагIаллой", аьлла Британерчу Бусалбанийн кхеташонан инарла секретара Хан ХIаруна.

"Къизачу зуламо Iадийна, лазийна дерриг а дуьнентIерачу бусалбанийн дегнаш, гайтина гамоной, ислам цадезарой шайна кхерам бохьийла", аьлла Бусалбанаш бехачу мехкийн организацин (OIC; منظمة التعاون الإسلامي‎) инарла секретара бен Ахмад аль-Отхаймин Юсефа.


Хьажа. кхин[править | править код]

Билгалдахарш[править | править код]

Хьажорагаш[править | править код]