Заглавная страница:Кхокха

Материал из Тептар — свободной энциклопедии
Перейти к навигации Перейти к поиску
Кхокха

Сира-сийна кхокха (англ. Rock Pigeon, оьрс. Голубь) — Горга, дуьзна дегI а долуш, луьста, шера дегIа тIе йийшина месаш а йолуш ду кхокхий. Кхаа тайпана а, шийтта беса а ду уьш.

Вайн цIахь, адамаш дехачохь гIаланашкахь а, ярташкахь а хуьлуш болу кхокха. И тайпа кхокхий дукха а ду. Яккхийчу гIеранашца хуьлу уьш ялташ лелочу меттехь. Элеваторшкахь, амбарашкахь, хьаьттанашкахь. Букъ тIе кхаччалц гIорта а, хаьндарг а, таьIно сийна а, баьццара а бас бетталуш, арий санна лепаш хуьлу кхокханан. "Кхокханан басахь" лоу вай цуьначух тера бос болчу хIуманах. Шина а агIор тIома тIехь шалха Iаьржа мозанаш ю цуьнан, тIомана пурхалхьа, тIам буткълучу меттехь. Кхокханан когаш а, бIаьргаш а цIиэ ду. ЗIок хотталучохь чохчам ю цуьнан. Кхин бос болуш а хуьлу адамаш дехачохь долу кхокхий.

Цхьана метта дехаш а, дIай-схьай кхелхаш, Iен меттиг хуьйцуш а хуьлу кхокхий. Ах акха а, ах адамех доьлла караIемина а ларалуш ду уьш. Кхокхаша баннаш до тIулган я сацкъаран бердашца, дIатесна йитначу тишчу гIишлош чохь, цIенойн тхевнашкахь, карнизашкахь. Кхокханан бен башха лерина бой а ца хуьлу. Цхьа кIеззиг синтарш а гулйой, буха масс а тосий бо кхокхано бен. Февраль, март баттахь болало кхокха хIоьаш дан.Кхокхано шиъ до хIоа. КIорнеш шарахь кхузза, доьазза йоху цо. Кхокханан бадар чехка ду. ТIемаш сиха детта цо. Бекар "Кхур-кху-у-кх, кху-у-кх" бохаш ду цуьнан. Цкъацкъа "къу-у-у, къу-у-у", бохуш, узарш деш санна бека иза. Дитта тIе хууш гIиллакх дац цуьнан.

Хьажа. кхин[править | править код]

Билгалдахарш[править | править код]

Хьажорагаш[править | править код]