Заглавная страница:КӀайн ХӀуьрцӀалдиг
КӀайн ХӀуьрцӀалдиг — (en. White Wagtail), (оьрсаша «Белая трясогузка» олу). Шашах кӀай а дац иза, сийно бос беттало цунах. Коьртан туьта а, букъ а, кога кӀело а, накха а, цӀога а, тӀемаш а Ӏаьржа ду цуьнан. Букъ овкъаран басахь сира бу. ЗӀакарна тӀера дуьйна бӀаьрга тӀоьхула гӀортан тӀе кхаччалц Ӏаьржа сиз ду. Шина агӀор цӀоганан йистехула а, тӀемаш тӀоьхула а кӀайн моха ю, бухара дегӀ а, кӀай ду. Дахар вукха хӀуьрцӀалдиган санна ду. Цхьаъ ша а, шиъ цхьана а хуьлу уьш. БӀаьста къилбехьа бовхачу махкара схьакхелхаш а, цига юха кхелхаш а цхьанакхетий гӀеранаш хуьлу церан. Баннаш дечигийн харанаш чохь а, цӀеной тхойнашкахь а до. ХӀоьаш кӀайн хуьлу таьӀно сира тӀедарчий а долуш 5-6. Тойна апрель-июнь баттахь доккху. Декар «жижиг-датта, жижиг-дата» бохуш санна ду.