Заглавная страница:КӀуж болу хьоза

Материал из Тептар — свободной энциклопедии
Перейти к навигации Перейти к поиску
Kiebitz 050424ausschnitt.jpg

КӀуж болу хьоза — (en. Northern Lapwing) (Оьрсаша "Чибис" олу цунах). Йоца зIок а йолуш, боцийра когаш а болуш ду иза. ТIемаш шуьйра ду цуьнан. Букъ баьццарчу дарийн бос бетталуш бу. ЧукIело кIайн ю. Лога кIело Iаьржа ю. Корта а Iаьржа бу, бIаьргашна гондахьара кIайн ю. Хиш, Iаьмнаш долчу тIуьнчу меттигашкахь хуьлуш ду и олхазар.

  • Къилбехьа бовхачу мехкашка дIай-юхий оьхучех иза. Бен лаьттахь бо бецан хаьлгехь. Тойна апрель, май беттанашкахь доккху. ХIоа диъ хуьлу цуьнан, мокха тIедарчий а долуш. Дадар тIемаш ваьштадохкий охьадогIуш, чехка тIемаш тухий айлуш, хьалий-охьий ийлуш ду. Адам юххе гIоьртича цунна чу а хехкалуш бен чIогIа ларбо. Садолу хIумнаш йоу цо[1].

Суьрташ[править | править код]

Хьажа. кхин[править | править код]

Билгалдахарш[править | править код]

Хьажорагаш[править | править код]

  1. Берсанов Х.А. Вайн махкан акхарой а, олхазарш а. Соьлжа-ГӀала. Жайна , 1992. 176 агӀ.