Заглавная страница:Тодакх
Тодакх — (Otis tarda). Оьрсаша «Дрофа» олу тодакхах. Доккха олхазар ду иза. Корта а, гӀорта а овкъаран басахь ю цуьнан. Букъ хьаьрса бу, пурхалхьаша Ӏаьржа сизаш — тӀедарчий а долуш. ЧукӀело сира ю, тӀемаш кӀай ду Ӏаьржачу месийн йист а йолуш. Боьршачу тодакхан лог кӀел Ӏаьржа мас ю.
Тодакхаш хин тогӀешкахь а, буц-аренашкахь а, хьаннийн йистошкахь а хуьлуш ю. Адамаш кӀезиг лелачу меттехь до цара баннаш, жимма лаьттах кӀаг а боккхий, буха хӀума а ца юьллуш. Тойна апрель баттахь доккху. ХӀоа шиъ я кхоъ до тодакъо. Баьццара бос а болуш, Ӏаьржа тӀедарчий а долуш хуьлу цуьнан хӀоьаш. Тойна доккхачу хенахь нӀаьна юххехь ца соцу. Тойнахь Ӏеш йолу тодакх шен басца бецех дӀаоьй хуьлу. Цундела адамийн а, акхаройн бӀаьрг тӀе ца кхуьу цунна. КӀорнеш кхианчул тӀаьхьа гӀеранашца хуьлу тодакхаш. Лаьттара хьала гӀовттар хала ду церан. ГӀевттина евллачул тӀаьхьа йовдар чехка ду. Генна хьалий, охьий кхочуьйтуш ластабо цара тӀам. ХӀаваэхь могӀа бой ца йоьлху уьш. Даар соьналлаш а, садолу хӀумнаш а, бецан хӀу а ду. Уьш Ӏаламехь кӀезиг йолу дела, царна таллар дихкина.