Заглавная страница:ХьаргӀ
Перейти к навигации
Перейти к поиску
ХьаргӀа — (англ. Corvus corax, оьрс. Ворон олу). ХьаргIа Iаьржа ю. Вай Iаьржачу хIуманна олуш ду "хьаргIа санна Iаьржа". Сийна кIур билличи санна Iаьржа бас лепа цуьнан. Цхьана меттахь а, дIай-схьай кхелхаш а ду церан дахар. Баннаш дечу хенахь шишша цхьана хуьлу уьш. Важа йолчу хенахь гIеранашца хуьлу. Яжар лаьттахь ду церан. Баннаш дитташна тIехь до. ХIоьаш 4-5 до хьаргIано. Баьццара бос а бетталуш, мокха тIедарчий а долуш, сийна хуьлу уьш. Аз гIоргIа ду церан "къар-р-р" бохуш. ХIоьаш март-июнь баттахь до.