Човка
Перейти к навигации
Перейти к поиску
![](https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/6/6a/Corvus_frugilegus_-Dartmoor%2C_Devon%2C_England-8.jpg/300px-Corvus_frugilegus_-Dartmoor%2C_Devon%2C_England-8.jpg)
Човка (Corvus frugilegus). Оьрсаша къийгах «Грач» олу. Бос Ӏаьржа бу цуьнан, сийна кӀур биллачи санна лепаш. ЗӀакарна юххехь кӀай томмагӀ хуьлу цуьнан. Буц-аренашкахь, ялтийн аренашкахь, нилхачу хьаннашкахь ду церан дахар. Ӏаьнан заманчохь ярташна, гӀалина гергахь хуьлу уьш, яккхийчу кӀеранашца. Цхьана меттахь еха уьш гена дӀай-схьай ца кхелхаш. Яжар лаьттахь ду. Баннаш дитташна тӀехь до. ХӀоьаш апрель-май баттахь до 5-6 баьццаро бос а болуш, стигалан басахь, мокха тӀедарчий а долуш. Екаран аз гӀоргӀа ду «крааа-крааа» бохуш. Ялташна зуламе йолу садолу хӀуманаш а, кхоьбарчий а цара яарна пайдехь лору човка.