Заглавная страница:ЧагӀалкх

Материал из Тептар — свободной энциклопедии
Версия от 23:19, 16 августа 2019; Mansur700 (обсуждение | вклад) (Керла агӀо: «300px|right|thumb|ЧагӀалкх '''ЧагӀалкх<ref>«Русско-чеченский словарь» (авторы — А.Т. Ка...»)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)
Перейти к навигации Перейти к поиску
ЧагӀалкх

ЧагӀалкх[1] (лат. Canis aureus) олу. Барзах тера ю иза, цул дегӀана жима хилар бен башхо йоцуш. Бакъду цӀока берзачул сирла ю цуьнан. Олхазарш, дехкий, моьлкхарчий, кхин йолу садолу хӀумнаш йоу чагӀалкхаша. Таллархо тосавелчи ларво чагӀалкхо, тӀаьхьара дӀа а ца йолуш, ша тоса ца йолуьйтуш. Таллархочо акха котам, бад, я лекъ и тайпа хӀума топ а тоьхна йийчи иза тӀекхачале лачкъайо чагӀалкхо.

  • ЯахӀума чохьйолу тӀоьрмиг таллархочо охьабиллина битчи, чагӀалкхо дӀахьо. УгӀар тамашена ду чагӀалкхан, цкъа жӀалех угӀу иза, тӀаккха бер доьлхуш санна ека.

Хьажа. кхин

Билгалдахарш

Шаблон:Билгалдахарш

Хьажорагаш

Кадегар:Акхарой

  1. «Русско-чеченский словарь» (авторы — А.Т. Карасаев, А.Г. Мациев)