Кхокха

Материал из Тептар
Версия от 17:39, 2 февраля 2025; Adam (обсуждение | вклад) (Новая страница: «thumb| Кхокха '''Кхокха''' ({{lang-en|Rock Pigeon}}, {{lang-ru|Голубь}}) — Горга, дуьзна дегӀ а долуш, луьста, шера дегӀа тӀе йийшина месаш а йолуш ду кхокхий. Кхаа тайпана а, шийтта беса а ду уьш. Оьрсаша «{{lang-ru|сизый голубь}}» олуш бу вайн цӀахь, адамаш де...»)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)
Перейти к навигации Перейти к поиску
Кхокха

Кхокха (англ. Rock Pigeon, рус. Голубь) — Горга, дуьзна дегӀ а долуш, луьста, шера дегӀа тӀе йийшина месаш а йолуш ду кхокхий. Кхаа тайпана а, шийтта беса а ду уьш.

Оьрсаша «рус. сизый голубь» олуш бу вайн цӀахь, адамаш дехачохь гӀаланашкахь а, ярташкахь а хуьлуш болу кхокха. И тайпа кхокхий дукха а ду. Яккхийчу гӀеранашца хуьлу уьш ялташ лелочу меттехь. Элеваторшкахь, амбарашкахь, хьаьттанашкахь. Букъ тӀе кхаччалц гӀорта а, хаьндарг а, таьӀно сийна а, баьццара а бас бетталуш, арий санна лепаш хуьлу кхокханан. «Кхокханан басахь» лоу вай цуьначух тера бос болчу хӀуманах. Шина а агӀор тӀома тӀехь шалха Ӏаьржа мозанаш ю цуьнан, тӀомана пурхалхьа, тӀам буткълучу меттехь. Кхокханан когаш а, бӀаьргаш а цӀиэ ду. ЗӀок хотталучохь чохчам ю цуьнан. Кхин бос болуш а хуьлу адамаш дехачохь долу кхокхий.

Цхьана метта дехаш а, дӀай-схьай кхелхаш, Ӏен меттиг хуьйцуш а хуьлу кхокхий. Ах акха а, ах адамех доьлла караӀемина а ларалуш ду уьш. Кхокхаша баннаш до тӀулган я сацкъаран бердашца, дӀатесна йитначу тишчу гӀишлош чохь, цӀенойн тхевнашкахь, карнизашкахь. Кхокханан бен башха лерина бой а ца хуьлу. Цхьа кӀеззиг синтарш а гулйой, буха масс а тосий бо кхокхано бен. Февраль, март баттахь болало кхокха хӀоьаш дан. Кхокхано шиъ до хӀоа. КӀорнеш шарахь кхузза, доьазза йоху цо. Кхокханан бадар чехка ду. ТӀемаш сиха детта цо. Бекар «Кхур-кху-у-кх, кху-у-кх» бохаш ду цуьнан. Цкъацкъа «къу-у-у, къу-у-у», бохуш, узарш деш санна бека иза. Дитта тӀе хууш.

Хьажа. кхин[править | править код]

Хьажоргаш[править | править код]