Заглавная страница:ЧагӀалкх
Перейти к навигации
Перейти к поиску
ЧагӀалкх[1] (лат. Canis aureus) олу. Барзах тера ю иза, цул дегӀана жима хилар бен башхо йоцуш. Бакъду цӀока берзачул сирла ю цуьнан. Олхазарш, дехкий, моьлкхарчий, кхин йолу садолу хӀумнаш йоу чагӀалкхаша. Таллархо тосавелчи ларво чагӀалкхо, тӀаьхьара дӀа а ца йолуш, ша тоса ца йолуьйтуш. Таллархочо акха котам, бад, я лекъ и тайпа хӀума топ а тоьхна йийчи иза тӀекхачале лачкъайо чагӀалкхо.
- ЯахӀума чохьйолу тӀоьрмиг таллархочо охьабиллина битчи, чагӀалкхо дӀахьо. УгӀар тамашена ду чагӀалкхан, цкъа жӀалех угӀу иза, тӀаккха бер доьлхуш санна ека.
Хьажа. кхин[править | править код]
Билгалдахарш[править | править код]
Хьажорагаш[править | править код]
- ↑ «Русско-чеченский словарь» (авторы — А.Т. Карасаев, А.Г. Мациев)